Литература тест по литературе




Скачать 94.04 Kb.
НазваниеЛитература тест по литературе
Дата публикации13.06.2013
Размер94.04 Kb.
ТипЛитература
lit-yaz.ru > Литература > Литература
Чеченская литература

ТЕСТ по литературе

  1. Нохчийн байт талларан кеп ю: а) силлабо-тонически; б) тонически; в) силлабически.

  2. Хьалхарчу дешдекъа т1ехь тохар хилча олу: а) ямб; б) хорей; в) анапест.

  3. Бадуев С.С. язйина «Бешто» ю: а) роман; б) повесть; в) дийцар.

  4. Нохчийн литература (учебник) 9 класс х1оттийна: а) Туркаев Х.; б) Эжаев У.; в) Арсанукаев А.

  5. «К1айн котам» язйина: а) С.Бадуевс; б) Ш.Айсхановс; в) Н.Музаевс.

  6. Н.Д. Музаева язйина «Вайнахах дийцар» ю: а) повесть; б) дийцар; в) поэма.

  7. Дуьххьара арахийцина нохчийн газетан ц1е хилла: а) «Советская Автономная Чечня»; б) «Халкъан аз»; в) «Серло».

  8. П.К. Услара язйина «Нохчийн мотт» учебник: а) 1862 шарахь; б) 1911 шарахь; в) 1927 шарахь.

  9. «Адам – адамана доттаг1, накъост, ваша а хила деза». Х1ара эпиграф муьлхачу романан III-чу декъехь ю? а) «Александр Чеченский» У. Гайсултанов; б) «Ирсан орам» М. Исаева; в) «Зеламха» М. Мамакаев.

  10. Зеламхин зудчун ц1е хилла: а) Хеди; б) Зезаг; в) Бици.

  11. Эпос – бохург гречески маттахь: а) велхар бохург ду; б) схьадийцар бохург ду; в) велар бохург ду.

  12. Бештон ненан ц1е яра: а) Рака1ат; б) Рукъайдат; в) Рукъият.

  13. Мохьмад Мамакаев маца вина? а) 1910 шо; б) 1813 шо; в) 1920 шо.

  14. Шайхиев 1алвадин 60 шо кхечира? а) 2006 г1ачу шарахь; б) 2007 г1ачу шарахь; в) 2002 г1ачу шарахь.

  15. «Лаьмнаша ца дицдо» романа т1ехь Товсолтин йо1арийн ц1ерш хилла: а) Селимий, Элимий; б) Селитий, Белитий; в) Элитий, Селитий.

  16. ^ Муьлхачу стихотворенин т1ера ду дешнаш? «Хьо муха буьйцур бу ас дашца? Вайн безам 1алашба0л дош ма дац Сан безам ас дашца лиэлор бац, Дош дижна, сан безам тарло бан». а) «Даймахке» Раиса Ахматова; б) «Даймахке» Мамакаев Мохьмадан; в) «Даймахке сатийсар» Гадаев Мохьмадан.

  17. Нохчийн исбаьхьаллин литературан бухбиллархо ву: а) Айсханов; б) Са1ид Бадуев; в) Хамидов 1.

  18. «Дерриг а доладелира Харагуьрчу Хушуллин хаза йо1 Зезаг бахьана долуш»… Муьлха роман йолало кху дешнашца? а) «Алун шераш»; б) «Ирсан орам»; в) «Зеламха».

  19. «Еха буьйсанаш» роман язйина: а) Саракаев Хьамзата; б) Айдамиров Абузарс; в) Рашидов Шаида.

  20. «Сай» - ду: а) турпаллин илли; б) лиричски илли; в) эпически илли.

  21. «Нохчо ву со» стихотворени язйинарг ву: а) 1алвади Шайхиев; б) Дикаев Мохьмад; в) Эдилов Хасмохьмад.

  22. С. Бадуев маца вина? а) 1909 шарахь; б) 1913 шарахь; в) 1903 шарахь.

  23. Нохчийн маттахь арайолу «Стела1ад» журнал араяла йоьлла дуьххьара: а) 1996 шарахь; б) 2006 шарахь; в) 1986 шарахь.

  24. Царех поэмаш муьлхарш ю? а) Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь»; б) Эдилов Хасмохьмадан «Сийлахьа»; в) «Таймин Биболат»; г) Нажаев Ахьмадан «Жа1у»; д) «Эла Мусост, Адин Сурхо».

  25. Ямб олу: а) тохар шолг1ачу дешдекъех хилча; б) тохар хьалхарчу дешдекъехь хилча; в) тохар кхоалг1ачу дешдекъехь хилча.

  26. Стихан барам ца гойтурш муьлха дешнаш ду? Къастде. а) ямб; б) дактиль; в) амфибрахий; г) анапест; д) пиррихий; ж) ритм; з) дешдакъа; и) хорей.

  27. «Ненаца дина къамел» поэма язйина: а) 1. Мамакаевс; б) М. Мамакаевс; в) Ш. Айсхановс.

  28. «Шуьнехь дош» стих язйина: а) Дагаев Валида; б) Сулейманов Ахьмада; в) Усманов 1имрана.

  29. Романехь хуьлу: а) к1еззиг турпалхой, к1еззиг хиламаш; б) дуккха турпалхой, дуккха хиламаш; в) цхьа хилам, цхьа турпалхо.

  30. Символ ю: а) цхьа х1ума кхечу х1уманца билгалдечух олу; б) кхечуьнца дустучух олу; в) къагорах олу.

  31. Стихотворенин «Гуьйренан зезаг» автор мила ву? а) Раиса Ахматова; б) Билал Саидов; в) Гадаев Мохьмад – Салахь.

  32. Эдилов Хасмагомед вина: а) 1922 шарахь; б) 1821 шарахь; в) 1932 шарахь.

  33. Поэма «Сийлаха» яра Эдилов Хасмагомедан: а) кхоалг1а поэма; б) дуьххьарлера поэма; в) уьтталг1а поэма.

  34. Поэма ю: а) прозехь язйина говзар; б) стихашца язйина йоккха произведени; в) 3-4 байтехь лаьтта произведени.

  35. Нохчийн маттахь дуьххьара арадаьлла газет: а) «Къинхьегамхо»; б) «Серло»; в) «Даймохк»; г) «Нийсо».

  36. Хьан язйина поэма «Жа1у»? а) Сальмурзаевс М.С.; б) Аисхановс Ш.К.; в) Нажаевс А.И.; г) Дудаевс 1.Д.

  37. «Къоьлла тоьлла, х1усам йоьхна», - муьлха поэма йолало оцу дешнашца? а) «Сийлаха»; б) «Жа1у»; в) «К1айн котам».

  38. Хьенан стихотворени юкъара ду х1ара дешнаш? «Бекалахь ненан мотт, тахна, Дуьнене машаре кхойкхуш, Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо, Вошалла, ирс, Машар кхайкхош». а) «Ненан мотт» Рашидов Ш.; б) «Ненан мотт» Айдамиров А.; в) «Ненан мотт» Арсанукаев Ш.; г) «Ненан мотт» Саидов Б.

  39. Хьан язйина повесть «Тимуран тур»? а) Шайхиев У.; б) Арсанукаев Ш.А.; в) Айдамиров А.; г) Хамидов У.Х.

  40. Халкъан барта кхоллараллина юкъа ца йог1у: а) иллеш; б) х1етал-металш; в)кицанаш; г) туьйранаш; д) романаш.

  41. «Олдам» дийцарехь Ваха валарна бехке х1ун хета шуна? а) Ден-ненан ледарло; б) 1адат; в) эхь-бехк; г) лела ца хаар.

  42. Сулейманов А. «Дахаран генаш» ю: а) дийцар; б) повесть; в) поэма.

  43. Муьлхачу стихотворени юкъара ду х1ара дешнаш: «Х1ей нах!» - олий, ас мохь туху Корехь серлаболу чиркх. Вевзаш вацарх. Ломахь наха Даим оьцу хьаша чу. а) «Накъосташка» Н.Музавн; б) «Дег1аста» Бисултановн А.; в) «Дог дохден ц1е» Сулеймановн А.

  44. Маца вина Ханпаша Нурадилов? а) 1920 ш.; б) 1919 ш.; в) 1925 ш.; г) 1924 ш.

  45. Парг1атчу къамелан кепехь язйина йолу исбаьхьаллин произведени: а) пьеса; б) драма; в) проза; г) аларш.

  46. Муьлха яздархо ваьхна х1окху шерашкахь? (1913-1983 ш.) а) Мамакаев М.; б) Музаев Н; в) Арсанукаев Ш; г) Бисултанов А.

  47. Стихотворени «Ц1ен - берд» язйина: а) Ошаев Х.; б) Гадаев М.С.; в) Эдилов Х.М.

  48. Саь1ид Бадувс язйина: а) «Бешто»; б) «Маршо»; в) «Пет1амат».

  49. «Лаьмнаша ца дицдо» романан автор ву: а) Сулаев Мохьмад; б) Сальмурзаев Мохьмад; в) Нажаев Ахьмад.

  50. Анапест – олу, кхаа дешдекъах а лаьтташ, а) хьалхарчу дешдекъехь тохар хилча; б) шолг1ачу дешдекъехь тохар хилча; в) кхоалг1ачу дешдекъехь тохар хилча.

  51. «Поэтически башха жовх1арш аьлла» нохчийн иллех: а) А.А.Фета; б) Л.Н.Толстойс; в) М.Ю.Лермонтовс; г) Б.С.Саидовс.

  52. «Тимуран тур» поэма язйина: а) 1аьрби Мамакаевс; б) Арсанукаев Шайхис; в) Эдилов Хасмохьмада; г) Сулаев Мохьмада.

  53. Муьлха турпалхой бац «Тимуран тур» поэмехь? а) Бах1адур; б) Барзаб1аьрг; в) Куьйра; г) Леча.

  54. «Жа1у» поэма хьан язйина? а) Билалов Саь1ида; б) Нажаев Ахьмада; в) Сулаев Мохьмада; г) Саь1ид Бадуевс.

  55. «Бакъ ма ду... куьг мел говза хиларх, къолам мел шера хиларх, суна хьо дукхаезар цхьаьнгге а язлург цахилар». Муьлхачу повесть т1ера ду х1ара мог1анаш? а)»Пет1амат»; б) «Бешто»; в) «Ц1еран арц»; г) «Винчу юьрта».

  56. ^ Муьлхачу поэтан ду дешнаш: «Шен дийца къам доцург – къонах вац, шен бийца къонахий боцург – къам дац». а)Айдамиров Абузар; б)Сулейманов Ахьмад; в) Эдилов Хасмохьмад; г)Бийсултанов Апти.

  57. Лирически а, эпически а, драматически а билгалонаш цхьаьна ийна хуьлу: а) стихотворенехь; б) поэмашкахь; в) кицанашкахь; г) дийцаршкахь.

  58. «Дуьме – ца кхаьчна цициг» произведени ю: а) стихотворени; б) басня; в) илли; г) дийцар.

  59. Бештон езар хилла: а) Бесира; б) Бусана; в) Кесира; г) Кумиса.

  60. Халкъан барта кхоллараллина юкъа х1ун ца йог1у? а) кицанаш; б) х1етал-металш; в) туьйранаш; г) стихотворенеш.

  61. Хьан язйина поэма «Кхоллам»? а) 1аьрби Мамакаевс; б)Билал Саидовс; в) Шайхи Арсанукаевс; г)Джамалдин Яндиевс.

  62. 1аьрби Мамакаев вина: а) 1913 шарахь; б) 1918 шарахь; в) 1920 шарахь; г) 1917 шарахь.

  63. Стихийн чаккхенашкахь цхьана кепара декачу аьзнех олу: а) хорей; б) рифма; в) ямб; г) дактиль.

  64. Хьенан ю «Даггара» ц1е йолу стихотворенийн сборник? а) Ошаев Хамидан; б) Сулаев Мохьмадан; в) Муталибов Зайндин; г) Ахматова Раисин.

  65. Хьан гочйина г1араваьллачу оьрсийн классикан М.Ю.Лермонтовн «Измайл-Бей» поэма? а) Хамидов 1абдул-Хьамида; б) Мохьмад Мамакаевс; в) 1умар Гайсултановс; г) Эдилов Хасмохьмада.

  66. Лиро-эпически хормехь язйина дукхахьолахь хуьлу: а) дийцарш; б) поэмаш; в) повесташ; г) романаш.

  67. Хьан язйина повесть «Велларг денвар»? а) Нажаев Ахьмада; б) Шамсуддин Айсхановс; в) Сулаев Мохьмада; г) Дудаев 1абдис.

  68. Муьлха повесть ю Мохьмад Мусаевс язйина? а) «Тапча яьлча»; б) «Винчу юьрта»; в) «Элиса»; г) «Вайнехан дийцар».

  69. Хьан язйина роман «Ши т1аьхье»? а) Мохьмад Сулаевс; б) Абузар Айдамировс; в) Арсанов Саь1ид-Бейс; г) Нурдин Музаевс.

  70. Мила ву берийн яздархо? а) Саь1ид Бадуев; б) Ахьмад Боков; в) Мохьмад Сальмурзаев; г) 1умар Гайсултанов.

  71. Муьлха книга язйина берашна лерина? а) «Безаман эшарш»; б) «Сийлаха»; в) «Анзор»; г) «Сема лергаш».

  72. «Бекин къоьнгаш» ю: а) стихотворени; б) повесть; в) поэма; г) роман.

  73. Хьан язйина повесть «Элиса»? а) Саь1ид Гацаевс; б) Раиса Ахматовас; в) Ахьмад Боковс; г) Александр Казбегис.

  74. Хьенан ю поэтически сборник «Синхаам»? а) Шайхиев 1алвадин; б) Шайхи Арсанукаевн; в) Дакаев Ахьмадан; г) Хасаев Хьамзатан.

  75. Марьям Исаевас язйина роман? а) «Товсолта ломара д1авоьду»; б) «Лай т1ехь ц1ен зезагаш»; в) «Ирсан орам»; г) «Маца девза доттаг1алла».

  76. Хьан язйина нохчийн литературехь дуьххьара поэма – «Ц1ий хуьйдина лаьмнаш»? а) Хьамзат Саракаевс; б) Билал Саидовс; в) Хьусайн Сатуевс; г) Мохьмад Мамакаевс.

  77. Драматически театрехь директоран болх бина: а) 1аьрби Мамакаевс; б) Ошаев Халида; в) Хамидов 1абдул-Хьамида; г) Абузар Айдамировс.

  78. Муьлхачу пьеси т1ехь гайтина Нурадилов Ханпашин васт? а) «Стагах теша»; б) «Ц1ен г1ан»; в) «Разведка»; г) «Лийрбоцурш».

  79. Р.Ахматован хьалхара сборник «Хьоме республика» араяьлла: а) 1936 шарахь; б) 1958 шарахь; в) 1965 шарахь; г) 1959 шарахь.

  80. «Ненан мотт» стихотворени язйина: а) Бексултанов Мусас; б) 1умар Ахмадовс; в) 1умар Гайсултановс; г) Шайхи Арсанукаевс.

  81. Хьенан «Теркан тулг1е» ц1е йолу поэтически сборник? а) Саь1ид Бадуевн; б) Мохьмад Сальмурзаевн; в) Нажаев Ахьмадан; г) Мамакаев 1аьрбин.

  82. Муьлхачу шарахь араяьлла С.Бадуевн «Ц1еран арц» ц1е йолу повесть: а) 1929 шарахь; б) 1927 шарахь; в) 1930 шарахь; г) 1931 шарахь.

  83. XVI-XVII б1ешарашкахь кхолладелла: а) кицанаш; б) илли; в) туьйранаш; г) дийцарш.

  84. Цхьамма деш долу къамелах олу: а) диалог; б) дийцар; в) монолог; г) хаттар.

  85. Схьакараде литературни туьйра: а) «Майра к1ант Сулима»; б) «Кхо ваша»; в) «Тамашийна олхазар»; г) «Барзо 1ахарца мохк къовсар».

  86. Исбаьхьачу дешнашца х1оттийначу 1аламан суьртах олу: а) сюжет; б) композици; в) дустар; г) пейзаж.

  87. Стихотворенин мог1анийн чаккхенаш цхьана екаш хилча олу: а) строфа; б) ритм; в) эпитет; г) байт.

  88. Хьан язйинчу сценари т1ехь яьккхина исбаьхьаллин фильм «Лулахой»? а) 1абдул-Хьамид Хатуевс; б) Саь1ид Гацаевс; в) Абу Исмаиловс; г) Жамалдин Махмаевс.

  89. Къастае эпитеташ: а) илера аренаш, догмайра к1ант; б) дуьне долийчхьана; в) говзачу, парг1атчу; г) харжа а хоржуш.

  90. Хьан язйина стихотворении «Ц1ен берд»? а) Базоркин Идриса; б) Арсанов Саь1ид-Бейс; в) Халид Ошаевс; г) Мохьмад-Салихь Гадаевс.

  91. И.Базоркинан роман «Б1ешерийн боданера» хьан гочйина? а) Хатуев 1абдул-Хьамида; б) Кагерманов Доккас; в) Абу Исмаиловс; г) Сатуев Хьусайна.

  92. Муьлханиг ю исторически повесть? а) «Малика»; б) Александр Чеченский; в) «Тамара»; г) «Ц1еран арц».

  93. Драматургически жанрехь йолу произведенех олу: а) поэма; б) повесть; в) пьеса; г) проза.

  94. Сальмурзаев Мохьмадан советски литературехь дуьххьарлера дийцар ду: а) «Наб ца кхетта»; б) «Кхетаме Хьамид»; в) «Говр йицъяр»; г) «Новкъахь йоьжна».

  95. Хьан арахецна «Нохчийн эшарш, дийцарш, кицанаш» ц1е йолу книга? а) Ахьмад Нажаевс; б) Мохьмад Сальмурзаевс; в) Саь1ид Бадуевс; г) 1абди Дудаевс.

  96. Нохчийн советски исбаьхьаллин литературан бухбиллархо ву: а) Саь1ид-Бей Арсанов; б) Халид Ошаев; в) Мохьмад Мамакаев; г) Саь1ид Бадуев.

  97. С.Бадуев муьлха повесташна т1ехь х1оттийна пьеса? а) «Баудди», «Г1у»; б) «Ши доттаг1», «Ц1еран арц»; в) «Пет1амат», «Бешто»; г) «Зайнап», «Бекхам».

  98. Муьлхачу шарахь араелира С.Бадуевн «Вайн беш» ц1е йолу поэтически книга: а) 1935 шарахь; б) 1934 шарахь; в) 1928 шарахь; г) 1927 шарахь.

  99. Хьан яздина дийцар «К1ант веллачу дийнахь»? а) Руслан Супаевс; б) Ахьмад Сулеймановс; в) Шайхи Арсанукаевс; г) Абузар Айдамировс.

  100. Эпос боху дош гречески маттахь ду: а) дагахь 1амор; б) схьадийцар; в) хилларг; г) гинарг.


Добавить документ в свой блог или на сайт

Похожие:

Литература тест по литературе iconРей Тест «Предназначение». Данный профориентационный тест-тренинг
Данный тест по профориентации не столько выделяет предрасположенность человека к той или иной группе профессий, сколько помогает...

Литература тест по литературе icon«Литература» для 6-го класса
Книга и ее роль в жизни человека. О литературе, писателе и читателе. Литература и другие виды искусства (музыка, живопись, театр,...

Литература тест по литературе iconТест по литературе 5 класс (I полугодие)
Фамилия Имя

Литература тест по литературе iconПлан. Литература и историография. Искусство. Тест. Список использованной...
Без греческой философии невозможно было бы развития ни средневековой теологии, ни философии нового времени. До наших дней в своих...

Литература тест по литературе iconТест 2 Поэзия серебряного века (В квадратах поставьте номер соответствующий...
В конце XIX — начале XX века в литературе сфор­мировалось три основных модернистских течения «ноной литературы». По характерным признакам...

Литература тест по литературе iconЛитература Тема урока: "Русская литература XIX века. Пушкин"
Описание цора: Электронный учебный модуль «Контрольный тест по лирике А. С. Пушкина» предназначен для использования в образовательных...

Литература тест по литературе iconРабочая программа по литературе составлена с учётом Федерального...
«Примерной программы по литературе»//Сборник нормативных документов. Литература/ сост. Э. Д. Днепров, А. Г. Аркадьев. М.: Дрофа,...

Литература тест по литературе iconТесты Тест-опросник Тест-задание Проективный
Учебное пособие предназначено для подготовки практикующих специалистов-психологов

Литература тест по литературе iconТест 11. Итоговый тест по теме «Россия на рубеже Х1х-хх вв.»
Какое понятие относится к характеристике положения российского пролетариата начала XX в.?

Литература тест по литературе iconТест по литературе
Кому из персонажей «Горя от ума» принадлежит следующая реплика: «Счастливые часов не наблюдают»?



Образовательный материал



Заказать интернет-магазин под ключ!

При копировании материала укажите ссылку © 2013
контакты
lit-yaz.ru
главная страница